- Конспект урока чеченского языка в 4 классе на тему «Чолхе предложени»
- «IQ и EQ как основа успешного обучения»
- Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. конспект урока по чеченскому языку
- «IQ и EQ как основа успешного обучения»
- Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе
- Охрана труда
- Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании
- Оставьте свой комментарий
- Подарочные сертификаты
- Конспект урока по чеченскому языку в 9 классе «Чолхе предложенеш»
- «IQ и EQ как основа успешного обучения»
Конспект урока чеченского языка в 4 классе на тему «Чолхе предложени»
Новые аудиокурсы повышения квалификации для педагогов
Слушайте учебный материал в удобное для Вас время в любом месте
откроется в новом окне
Выдаем Удостоверение установленного образца:
магистр психологии, клинический психолог. .
психолог-консультант, клинический психолог. .
«IQ и EQ как основа успешного обучения»
- для учителей, репетиторов и родителей
- свидетельство + скидки на курсы для всех!
Нохчийн мотт, 4 класс
Урокан ц1е: «Чолхе предложени».
1алашо: предложени кхочушхилла яьлла ойла гойту дешнех олуш хилар т1еч1аг1дар. Предложенеш цхьалхе я чолхе хилар хаийтар, церан башхаллаш йовзийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна хуур ду предложенеш х1итто, церан башхаллаш йийца. Берашна 1емар ду предложенеш меженашца талла, цхьалхе я чолхе хилар къасто.
· Регулятивни : берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, шайн болх кхиамаш хир болчу кепара д1абахьа. Берашна 1емар ду шайн корматалле хьаьжжина болх т1елаца , цунах жоп дала.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашна г1о дан, ца хуург хатта.
· Познавательни: берашна 1емар ду книги т1ехь шайна оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца. Бераш т1екхуьур бу цхьа грамматически бух бериг цхьалхе предложении хилар , шиъ я масех грамматически бух бериг чолхе предложении хилар.Берийн алсамдер ду х1уманан тидам бар, ойлаяр , х1ума довза лаам.
3. Личностни : берийн синкхетам хир бу дешар коьрта г1уллакх хиларан, нохчийн мотт дика хааро дика дешар т1ехь г1о хирг хилар. Берийн лаам хир бу корматталла а йолуш дешархо хила.
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар № 315, аг1о 156.
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , д1аеша вайн урокан ц1е. (Чолхе предложенеш).
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
-Муьлха хаттар ду вайна жоп дала яздинарг? (Предложении стенах олу?)
-Бераш , вай тахана йолор ю тема : «Чолхе предложенеш». Тахана вайна хуур предложенеш цхьалхе а , чолхе а хилар. Хуур ду муьлха предложении ю цхьалхениг. Т1ейог1учу урокашкахь вайна евзар ю чолхе предложени.
4. Керла тема хьехар.
Къастаде муьлханиг ю предложении , муьлханаш ду дешнаш.
Каникулаш чакъевлира . Дешархой деша буьйлабелира.
Школа , каникулаш, чекхъевлира, деша, буьйлабелира.
Стенах олу предложении?
а ) Маь1ница йозаеллачу предложенех олу.
б ) Кхочуш хила яьлла ойла гойтучу дешнех предложении олу.
-Д1аязъе предложени уьн т1е. Толлур ю вайи за шен меженашца.
Каникулаш чакхъевлира. Дешархош деша буьйлабелира .
-Д1аеша предложенеш. Муьлханиг ду сказуеми? (Х1ун дира? чакхъевлира).
-Муьлханиг ду подлежащи? (Чакхъевлира х1ун? каникулаш).
-Оцу предложенехь шиъ коьрта меже бен яц : подлежащи а , сказуеми а. Подлежащи а , сказуеми а предложенин грамматически бух бу. Оцу предложенехь маса грамматически бух бу? (Цхьаъ бу).
-Муьлханиг бу иза? (Каникулаш чакхъевлира).
-Оцу предложенин цхьаъ грамматически бух бу.Цундела цунах олу цхьалхе предложени. Шена чохь шиъ я цул совнаха грамматически бух хилча иза чолхе предложении олу.
(Иштта толлу важа предложени).
· Предложенийн, текстан тидам бар.
Шардар № 316 , аг1о 156-157.
-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза?
-Маса дакъа ду текстан?(Кхоъ).
-Муха билгалдоккху текстан х1ора дакъа йозанехь? (Ц1ечу мог1анчуьра яздо).
-Д1адеша хьалхара дакъа. Маса предложении ю цу декъехь? (Ворх1).
-Д1аязде хьалхара дакъа.
5. Сада1аран миноташ.
Вай яздира, яздира,
Куьйган п1елгаш к1адделира.
Вай жима садо1ур ду,
Т1аккха юха а яздийр ду.
6. Керла тема кхин д1а хьехар.
· Предложенин тидам бар.
Шардар № 317 , аг1о 157.
-Маса предложени ю уьш?
-Д1аеша таьххьара предложени. Муьлханиг ду сказуеми. (Х1ун дира ? вахара).
-Муьлханиг ду подлежащи?( Вахара мила? накъост).
-Муьлханаш ю коьртаза меженаш? (Накъост хьенан? сан, вахара стенга? хьуьнах, вахара маца? селхана).
-Хьан эр дара , муьлха предложении ю и: дийцаран, хаттаран , айдарарн? (Дийцаран).
-Цхьалхе ю и я чолхе ю? (Цхьалхе).
-Х1унда? (Цхьаъ грамматически бух бу цуьнан).
Х1оттамца толлур ю вай предложени.
(Хьехархочо д1ауллу таблица : предложенин талларна дагалацам. 170-г1а аг1он т1ехь а ю иза).
· Йоьхна предложенеш нисъяр.
Нисъе йоьхна предложенеш. Оьшу хьаьркаш дахка чаккхенгахь. (. , ! , ?).
1.Лоцу, цициго, дахка.
2. Ма , дара, циркехь, селхана, хаза.
3. Хьанна, пийл , гина , йоккха.
Жоьпана язъе лоьмар.
Муьлханиг ю дийцаран предложени?______________
Муьлханиг ю хаттаран предложени?______________
Муьлханиг ю айдаран предложени?______________
-Стенах олу предложени?
-Муьлхачу предложенех олу цхьалхе предложени?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 318 , аг1о 157-158.
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Источник
Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. конспект урока по чеченскому языку
Новые аудиокурсы повышения квалификации для педагогов
Слушайте учебный материал в удобное для Вас время в любом месте
откроется в новом окне
Выдаем Удостоверение установленного образца:
магистр психологии, клинический психолог. .
психолог-консультант, клинический психолог. .
«IQ и EQ как основа успешного обучения»
- для учителей, репетиторов и родителей
- свидетельство + скидки на курсы для всех!
Цхьалхе а,чолхе а предложенеш. Чолхечу предложенешкахь хуттургаш.
Хьехархо :Шамаева Роза Магомедовна
Хьехархочун ц1е : Шамаева Роза Магомедовна
Предмет: нохчийн мотт
Урокан ц1е: Цхьалхе а , чолхе а предложенеш. Чолхечу предложенешкахь хуттургаш.
Урокан тайпа: Т1еч1аг1даран
Урокан кеп: кхоллараллин болх, фронтальни болх, тобанашкахь болх, шаьш беш болу бол х.
УМК : В.Я.Янгульбаев., Ж.М.Махмаев
Х1оттош долчун хьесап ( гайтамаш) (урокан 1алашонаш)
Предметни ( Кхеторан): Цхьалхечу а, чолъхечу а предложенех кхетам балар. Чолхечу предложенешкахь йолу хуттургаш карлаяхар.
Метопредметни (Кхиоран): Дешархойн хаарш таллар, к1аргдар, шордар.
Личнистни (Кхетош – кхиоран): Ненан матте болу безам кхиор. Берийн ойла дешарна т1еерзор.
Малх бу арахь къеггина хьоьжуш. Массо а самукъане ву кху чохь. Цундела вай вовше дела а делла, Дала аьтто бойла аьлла урок йолур ю.Вайна тахана вешан урокехь дуккха а пайдехь дерг хуур ду, 1амийнарг карла а доккхур ду, хаарш шор а дийр ду.
Стенах олу предложени?
Маса тайпана хуьлу предложенеш?
Х1иттае сацаран хьаьркаш:
Адамийн а , дийнатийн а, бецийн а, хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.
Ша вина юрт, хьоме Терк, Кавказ, вайн Даймохк безар уьш дерриге шеца долуш ю Мамакаев 1аьрбин поэзи
Даймохк бохучу дашна ассоциаци яр.
(Шайн кхетамца, исбаьхьаллин хазаллица, дешан говзаллица Даймохк бохучу дашна масалш далош кластер х1оттайо).
Даймохк – сийлахь, боккха, исбаьхьа, хаза, беза, 1алашбо, боьвза, хьехабо, хастамбо
Шен ц1а – ц1ен ц1а.
Шен мохк боцург г1ийла ву, декъаза ву, байлахь ву.
Доски т1ехь болх
Б1аьстенан 1оврашший, аьхкенан дог1анашший хийла шерашкахь т1е т1амарш хьоькхуш шардинчу даккхийчу чхараш т1е охьахевшира некъахой.
Гонаха попан, пхонан, г1аммаг1ийн, ножан, баганан даккхий дитташ лаьттара, шайн таь1ана – баьццара месала баххьаш нилхачу к1айчу мархашка а кхийдош. 1алам исбаьхьа дара, стиглахь, наггахь к1айн марха бен, гуш х1ума доцчу декхначу дийнахь.
Баьццарчу тог1и чухула г1овг1анца охьаоьхура чехка, сирла, хьаьъна а хи.
Дешнаш т1ехь болх
Пхонан дечиг – граб (древесина)
г1аммаг1-плод и дерево(персик)
Синквейн (масал) даладе
1уьллу, ц1анбо, д1атакхабо.
Чхернех деттала ламанан шовда
Чхар – 1алам (ассоциации).
Шардар 94-г1а. 4 предложени т1ера схьязъе.
1-ра тоба: 2 предложени с/талла;
2-г1а тоба: 2 дош ф/талла;
3-г1а тоба: 2 дош д/легаде.
Муьлхачу предложенех олу чолхе предложени?
Чолхечу предложенешкара хуттургаш?
Дагахь хаа деза муьлхачарах олу чолхе предлдоженеш, оцу предложенешкара хуттургех лаьцна а.
Цхьалхе преджложенеш вовшах а тухуш д1аязъе чолхенаш а еш. Маь1ница йог1у хуттургаш ялае.
Жам1 дар рефлекси
Тахана суна урокехь хиира …
Ас тахан бинчу балхана со реза………..
Шайна лаахь смайлш яхка
«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а адамашна хуур дац, иза дуьйцуш а, 1амош а стаг вацахь».
Х1.Ц1ахь болх. Жима дийцар х1оттаде чолхе предложенеш ялош.
Курс профессиональной переподготовки
Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе
Курс профессиональной переподготовки
Охрана труда
Курс профессиональной переподготовки
Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании
Номер материала: ДБ-560034
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.
В России каждый второй школьник хочет работать в IT
Время чтения: 1 минута
Всероссийская олимпиада школьников начнется 13 сентября
Время чтения: 2 минуты
В пяти регионах России протестируют новую систему оплаты труда педагогов
Время чтения: 2 минуты
Что влияет на выбор школьниками инженерных специальностей
Время чтения: 1 минута
Учеба в школах в дни выборов в Госдуму будет идти в штатном режиме
Время чтения: 1 минута
В Минпросвещения рассказали о системе оценок по физкультуре в школах
Время чтения: 0 минут
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Источник
Конспект урока по чеченскому языку в 9 классе «Чолхе предложенеш»
Новые аудиокурсы повышения квалификации для педагогов
Слушайте учебный материал в удобное для Вас время в любом месте
откроется в новом окне
Выдаем Удостоверение установленного образца:
магистр психологии, клинический психолог. .
психолог-консультант, клинический психолог. .
«IQ и EQ как основа успешного обучения»
- для учителей, репетиторов и родителей
- свидетельство + скидки на курсы для всех!
Модуль(тема) Чолхе предложенеш
Урокан ц1е: 9 классехь чолхечу предложених лаьцна 1амийнарг
карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.
Урокан тайпа (тип): 1амийнарг карладаккхаран урок.
Хьехаран кеп (форма): ша-ша,шишша цхьаьна,тобанашкахь болх бар.
Методаш: проблемни,кластер,барта, гайтаме,практически.
1алашо : 1) Предметни (кхеторан): чолхечу предложенех 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар;
2) Метапредметни (кхиоран):
Регулитивни: билгалйинчу темина коьчал схьалаха а, шен белхан план х1отто хаар, планан рог1алла ларъяр, цуьнан х1ора муьрехь кхочушъечу 1алашонех кхетар, шен дан ницкъ кхаьчнарг ган, цунах пайдаэцар, ницкъ ца кхаьчнарг ган, цуьнан бахьнаш довзар, йозанан а, барта а къамел кхиор.
Познавательни : зезагийн ц1ерш йовзийтар(дешнийн дошам)
Коммуникативни: Шен хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш далар,тобанашкахь бечу балхехь накъосташна шена хуург дийцар, цаьрга шена оьшург хаттар.
3.Личностни (кхиаран): нохчийн матте а, къоман театре а болу безам кхиор. Ойлаяр, тидам бар , къамел хьекъал кхиор.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тептар, кехаташ, компьютер, проектор, экран, презентаци.
УМК:Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М.,Эсхаджиев Я.У.,Овхадов М.Р., Абдулкадырова Р.А.
Дешархойн де дика дар.
-«1аьнах ма кхера: цунна т1аьххье б1аьсте йог1уш ю, гуьйренах кхера; цунна т1аьхьа 1а дог1уш ду,» — олуш хилла вайнаха.
Деха 1а д1адели, вай сатийсина исбаьхьа б1аьсте т1екхечи. Набарха даьлла 1алам денлуш, шеца цхьаьна вайн ойланаш самайохуш, дикане сатесна адамаш, самукъане ган дуьйлало.
Цундела, сема хир ду вай таханлерчу урокехь, беркате з1ийдигаш хоьцур ю х1окху уроко вайн дешарехь, б1аьстено 1аламехь санна.
II Карладаккхар (актуализаци)
-1. Массо а х1ума д1алистина хила деза. Вай 1амийнарг а ду ойланехь д1алистина хила дезаш. 1илманан дакъойн терхеш «кегор» ю вай.
Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. (слайд) Терхи- полка
-Х1ара бакъо стенан ю?
1) Элпаш а, церан нийсаяздар а 1амадо( графика).
2) Меттан дерриге а аьзнаш 1амадо ( фонетика).
3) Дешнийн цхьанакхетарш а, предложенеш а 1амайо (синтаксис).
4) Меттан дерриге а дешнаш 1амадо (лексика).
5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар некъаш а 1амадо (дошкхолладалар).
6) Къамелан дакъош 1амадо ( марфологи).
-2. Х1ун ду х1окху шина декъа юкъахь юкъара?(проблема) (слайд)
1) Х1орд ловза а баьлла, х1урдакема доьхна. Цу т1ера цхьа стаг х1урдо цхьана г1айре
т1е юьстахкхоьссина. Оцу г1айре т1ехь шаберш зударий хилла, юкъахь цхьа а борша
стаг а воцуш. И зударий ч1ог1а хаза хилла, цхьа а ирча ю аьлла билгалъяккха зуда
йоцуш.Зударша сацам бина и стаг, зуламе валале, ирахъолла. Цу стага зударшка цхьа х1ума аьлла. Зударша цул т1аьхьа ца вуьйш витина и стаг.
2) Суна хезнера, театрехь кестта «Бож-1ела» спектакль х1оттор ю бохуш.
Жоп: д1ах1оттам чолхе хилар. Хьалхарниг чолхе х1етал-метал, шолг1аниг чолхе предложени.
-Ас билггал и чолхе предложени х1унда ялийна аьлла хета шуна? (х1ара шо театран шо ду аьлла кхайкхийна ду вайн махкахь)
— Театраш евзий шуна вай республикера?( Х.Нурадиловн ц1арах ерг, М.Лермонтовн ц1арах ерг,берийн театр)
-Нохчийн муьлха спектакльш евза шуна?
-Шуна ма хаъара х1ара дешаран шо доладелчхьана вай чолхечу предложенех лаьцна 1амош дара.
— Муьлхачу 1илманан декъа юкъадог1у чолхе предложенеш 1амош долу дакъа?( синтаксис)
lll .Кластер уьн т1ехь х1оттор,далийна масалш тептарш т1е д1аяздар.
-Дагадаийта,нохчийн маттахь х1ун алара кластерх? (гезгмаша)
-Чолхе предложени муьлхачух олу? (Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу)
-Маса тобане екъало чолхе предложенеш ?( Чолхе – цхьаьнакхетта предложенеш (сложно-сочиненные предложения) Чолхе-карара предложенеш (сложно-подчиненные предложения)Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш(бессоюзные сложные предложения)
-Муьхачух олу чолхе-цхьаьнакхетта предложени ?( Цхьабосса бакъо а йолуш, цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенех чолхе – цхьаьнакхетта предложени олу)
Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац.
-Муьлхачу г1ирсаша вовшех юзу и цхьалхе предложенеш? (дозаран г1ирс – дозаран хуттург- а-)
-Муьлха хуттургаш лела чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь? (цхьаьнакхетаран)
— Цхьаьнакхеран хуттургаш хуьлу — (дозаран хуттург- а, къасторан хуттург –я, дуьхьалара хуттургаш : амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а)
-Муьлхачух олу чолхе-карара предложени? (Цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший йолчух чолхе-карара предложени олу)
Масала: Вина мохк мазал а мерза бу бохуш, кица ду вайн къоман.
— Чолхе предложени лаьтта -( коьртачух а, т1етухучух а)
-Т1етухучу предложенийн кепаш муьлхарш ю? (къастаман, кхачаман, латтамийн)
-Латтамийн т1етуху предложенеш кхи а муьлхачу дакъошка екъало ? (хенан, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман).
-Хуттургаш йоцу чолхе предложени муьлхачух олу ?( Цхьаьнакхетаран а я карара а хуттургаш а йоцуш я хуттургийн дешнаш а доцуш, цхьана эшарца (интонацица), маь1нин уьйраца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолчу чолхечу предложенех хуттургаш йоцу чолхе предложени олу)
— Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йолу цхьалхе предложенеш муьлхачу маь1нехь лела. Ц1ераш яха церан? ( Нийсачу кхачаман маь1на, хенан маь1на, хенан маь1на, бехкаман маь1на, т1аьхьалонан маь1на, бахьанин маь1на)
Масалш далор (барта)
lV . Тобанашкахь,шишша цхьаьна,ша-ша болх бар
1.Тобанашца бен болх
1-ра тоба (виъ дешархо)________________________________
2-г1а тоба (виъ дешархо)________________________________
-Йолийна чолхе-карара предложенеш т1етухучу предложенешца чекхъяха.
Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?)
(х1ун бахьана долуш?), …со школе д1а ца ийцира-кх деша.
Г1аларчу девеше, (х1ун?) … аьлла, хаам бира нанас.
-Нийса юй уьш? (Вовшака толлуьйту ялийна предложенеш)
Гергарчу хьесапехь иштта чекхъяха мегар дара уьш т1етухучу предложенешца.
Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?) шен кхана мангала ваха дезар.
Йоза ца хаьа аьлла, со школе д1а ца ийцира-кх деша. Х1ун бахьана долуш?
Г1аларчу девеше, деша вог1у аьлла, хаам бира нанас.
2. Шишша цхьаьна болх бар
«Ас д1алур ю ПКЭ» белхан тептар т1ера 11 т1едиллар кхочушде. (ПКЭ-на кечам бар)
1. _____________________________3,4 варианташ
Нийса жоьпаш: 3-9; 4-9; 5-24; 6-3.
3.Ша-ша бен болх (карточка)
Чолхе предложенеш екъало кхаа декъе:
1) чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;
2) чолхе-карара предложенеш;
3) юьхьан предложени;
4) хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.
V . Жам1ийн диагностика.(ша-ша болх бар)
1)Воккхачу дадас меллаша корта те1абора, амма цхьа дош ца элира. — предложени муьлхачу тайпана ю?
1) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца
3) хуттургаш йоцу чолхе
2. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац. — предложени муьлха тайпана ю:
1) чолхе — карара
2) хуттургаш йоцу чолхе
4) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца
3.Олдам шайн куьпахь а г1араваьллера, гуттар а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш. — предложенера т1етуху предложени муьлха тайпана ю?
+4) даран суьртан ю
-Стенах олу синтаксис?
-Чолхе предложени муьлхачух олу?
-Чолхе предложени муьлхачу дакъошка декъало?
VII .Дешнийн дошам (зезагийн ц1ерш йовзийтар)
Хилча ледара ду эхь;
Ма латталаш 1индаг1ехь,
Хьалакарчаде шайн пхьош.,-
Болх бан белла вайн . (ДОШ)
байса — авран лекарственный ,
V I ll. Рефлекси (чекхъяха предложенеш)
Вай урок чекхъяла герга яхна,суна ала лаьа….
Соьга уггар ч1ог1а даделларг .
Суо х1ун бахьана долуш хаставо ас.
Сайн накъостий х1ун бахьана долуш хастабо ас.
Стенах цецвели со.
Суна дуьххьара хии…
Суна хетарехь,х1ун ца дадели соьга?Х1унда ца хии сунна иза.
Суна урок хаза хийти….
Vlll . Урокан жам1 дар (дешархойн хаарийн мах хадор)
Бераш, аш дика дакъалеци таханлерчу урокехь. Баркалла шуна!
IX. Ц1ахь бан болх балар:
X .Хьехархочун т1аьххьара дош:
Таханлера вайн урок суна чекхъяккха луур дара Ш.Арсанукаевн дешнашца:
Источник