Цхьанатайпанара меженаш стенах олу

Урок №02 Цхьанатайпанара меженаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна.
Цкъа хьалха 1амийнарг карладаккха хьовсур ду вай.
-Кхочуш хилла яьлла ойла гойтучу декъах предложени олу.
Предложенеш, д1ааларан эшаре хьаьжжина, дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран хуьлу. Масала:
Цхьана дийнахь дас шен к1антана хьехар дира. (х1ара предложени дийцаран ю)
Говр мичахь ю хьан? (предложени хаттаран ю)
Мел хаза ду тахана де! (х1ара предложени айдаран ю)
Чоь ма шелъе, д1ач1аг1а не1. (т1едожоран предложени)
-Х1инца вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженех а, церан нийсаязъярх а лаьцна.
Цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а, йолчу предложенин меженех цхьанатайпанара меженаш олу.
Масала:
Ц1оькъалом хуьлуш долу меттигаш: ламанан даккъаш, 1аннаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш. Чанах лаьцна дукха ду дийца — туьйранаш а, кицанаш а.
1-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: ламанан даккъаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш.
2-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: туьйранаш, кицанаш.
Цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло.
Нохчийн маттахь предложенин цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш а, йоцуш а, хуттурган суффиксашца а хила тарло.
Масала: Бахархоша базара йохка кхоьхьура нехчий, къалддий, даьттий.(-ий-суффиксаш)
Бахархоша базара йохка кхоьхьура нехча а, къалд а, даьтта а.
Цхьанатайпанара меженаш хила тарло яьржина а (шайца дозуш долу дешнаш долуш), яржаза а.
Масала: Сан ойланаш, сан ц1е, сан белхаш Нохчийчоьнна лерина аса.
Уьш дара андий, лекха, майра, самукъане адамаш.
-Предложенин цхьанатайпанарчу меженашна юккъе ц1оьмалг (запятая) юьллу.
-1амийнарг т1еч1аг1деш толлур ю вай предложенеш.
—Цхьанатайпанара меженаш билгалъяха хьовса, оьшучохь ц1оьмалгаш яхка.
Дика йо1 дика к1ант мехкан дозалла ду.
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а книгаш а.
Бацалахь хаза гора ц1ен а сийна а можа а зезагаш.
Шайн совг1атех бакхийбен Мохьмаддий Асхьаббий 1усманний адам к1езиг лела некъ къастийна, 1аьлбигца рег1а хьала волавелира.
-Т1едиллар нийса иштта хир ду.
Дика йо1, дика к1ант мехкан дозалла ду. (кху предложенехь дика йо1, дика к1ант цхьанатайпанара меженаш ю, цара муха? бохучу хаттарна жоп ло)
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а, книгаш а. ( кху предложенехь къоламаш, книгаш цхьанатайпанара меженаш ю, цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло).
Шайн совг1атех бакхийбен Мохьмаддий, Асхьаббий, 1усманний адам к1езиг лела некъ къастийна, 1аьлбигца рег1а хьала буьйлабелира.
Тахана вайна евзи цхьанатайпанара меженаш а, цаьргахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла.

Читайте также:  Декоративен водопад за стена

Источник

открытый урок на тему Предложенин цхьантайпан меженаш

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Заголовок на свидетельстве будет выглядеть более красиво, если вы укажите тип разработки (Урок, Текст, Конспект и т.д.) и тему в кавычках (например, Конспект урока «Теорема Пифагора»)

Перед публикацией материала внимательно проверьте

Открытый урок чеченского языка «Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.»

Урокан ц1е: «Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.»

Дешаран :Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

Кхетош-кхиоран. Винчу махке безам кхиор, , шайн г1алах дозалла дар д1адаханчуьнга ларам кхиор

Урокан г1ирс: Компьютер, мультимедийный проектор, дидактически материал, текст.

Дайн г1иллакх лардеш

Лаха вай
Кху лаьттахь ирс.»

1.Урокан ц1е ,1алашо д1ахьедар

Де дика хуьлда,бераш. Бераш ,тахана вайн урок цхьа ша тайпа хир ю., урок-дезде «беза хьайн мохк» ц1е йолуш.

Суна хетарехь, урокан ц1е «Цхьанатайпанарчу меженах лаьцна 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар» вайн дезчу денна юкъайог1уш хир ю.

Цхьанатайпанарчу меженийн билгалонаш.

Юкъара дешнаш х1ун ю ,церан маь1на.

Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, Цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

— Д1аязъе терахь,классера болх,урокан ц1е.

Вайн латта, бераш, хьа1 ду шайн хазаллех лаьцна лаккхара дешнаш дало.И хьа1 ду ,вайна хаа,доладан д1адахнарг,хилларг, Вайн дай.орамаш хаа. Оцу хаарша вай 1амор ду вайн мохк ларбан , цу т1ехь дай хила. Цундела вайн урокан ц1е тахана йоьзна ю вайн махкаца..

Даймохк. Оцу дашца д1ах1уьтту г1аланаш,аренаш,безачеран а,цабевзачеран а яххьаш Ткъа муха боху поэташа?Ладог1а стихотворенин кийсаке Рашидов Ш..

…Х1ара бу сан Даймохк, б1аьрхишца лехнарг,

Ерриге сан деган йовхо ю хьоь.

Х1умма дац дуьнен чохь сийлахь, хьан меха,

Со х1инца хьоьца ву, сан Нохчичоь!

Дай-наной ,Даймохк-Цхьана ораман дешнаш.Х1окху дезчу дешнаша г1одо вайна беза а,бовза а н охчийн мотт,хьоме мукъам, къоман г1иллакхаш ,ламасташ къоман.

Даймехкан иллига шеен безам боцург

Ша винчу махкаца з1е йоцуш ву.

Геналлехь Даймехкан цхьа илли хезча,

Б1аьргех хи хьодура, лууш и ган.

Лекхачу лам т1ера Малхбузе хьежча,

И гур бу моьттура дог 1абош цкъа…

Ц1ахь аша Даймахках, лаьцна кицанаш лаха дезаш дара ..Толлур бу вай Ц1/Б.

-Ткъа х1инца ладог1а 1.Юсуповс муха гойту шайн 1аламе а,махке а болу безам.

Готуьйсуш лелачу хиэ а, хиэ кхуллучу махо а , махо техкочу г1а-бецо а, г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуьйцур ду хьуна ,лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул а.

— Синтаксический къастам бе оцу предложенина.

— Х1инца бакъонаш т1е девр ду вай.

Карладаккхар.. Блиц -Хаттар:

Цхьанатайпанара меженаш олу…………………………

цхьана хаттарна жоп а луш ,цхьана дашах йозуш йолчарех.

Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу .

Уьш хила там бу предложенехь.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш ю.

кхаа тайпана:дозаран-а,къасторан -я,дуьхьалара-ткъа,амма

Цхьанатайпанара меженаш хуьлу.

яьржина а ,яржаза а.

Цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь юьллу.

— Цхьаьнатайпанара меженийн билгалонаш схьайийца:

цхьана хаттарна жоп ло;

цхьана дашах дозуш хуьлу;

вовшахъхутту цхьаьнакхетаран хуттаргаша;

— Схьаязье предложенеш варианташкахь (ПО РЯДАМ).

3.Т1едиллар: Д1аязъе . Билгалъяха цхьанататайпанара меженаш, оьшуш доллу сиз хьакха.. Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

1.Суна лаьара винчу махка верза сайн берриге ницкъ къинхьегам д1алуш халкъана Даймахкана пайдехьа хила.

2. Оьздангалла г1иллакх дикалла комаьршалла и дерриге а шеца долуш вара иза. (ц,ц,ц,ц-ю]

3. 3. Массо а стеган декхар ду шен латта довза а деза а лардан а..

( уьн т1е вог1у цхьацца дешархо шайн тетрадашца ,х1иттайо схеманаш.дуьйцу сацаран хьаьркаш х1иттор.)

Дешнаш т1ехь болх:

Сийсаздан-сий дайъа,ц1е йожо,бехдан.

Оьзда -лаккхара г1иллакх долу

— Дийца юкъарчу дешнашкахь сацаран хьаьркаш х1итторех

Т1едиллар: сацаран хьаьркаш х1итторех дийца( барта)

а). Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар уьш дерриге шеца долуш ю Мамакаев 1аьрбин поэзи

б). Г1иллакх долчохь ларам хуьлу ларам болчохь нийсо хуьлу.

5. Шаьш бан болх.

Т1едиллар: Д1аязъе . Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

в. Адамийн а дийнатийн а бецийн а хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.

(1 дешархочо уьн т1ехь схема юьллу ,кхетадо.)

Нохчийн меттан тестови т1едахкарш.. Слайд № 15,16,17,18.

Цхьаьнатайпанарчу меженашца предложенеш

Дешархошна хаам (Т1едилларехь хила йиш ю 1.2 нийса жоп.)

№1 Билгалдаккха нийса доцург.

А.цхьанатайпанара меженаштайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.

Б.Уьш муьлхха а меже хила там бу.

В. Запятой ца юьллу хуттаргаш йолчу цхьанатайпанарчу меженашкахь

Г. Юкъара дешнаш цхьанатайпанарчу меженашна хьалха я т1ехьа хуьлу.

№2.Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш къасторан хуттургаца вовшахкхетта предложенеш

А.Дикачу,оьздачу г1уллакхаша кхачаво стаг адамийн лараме .

Б. Куралла а,сонталла а шала йина ю.

В.Цунна ша стиглахь ю я лаьттахь ю ца хаьара.

Г.Хьуьн чохь дукха бу стоьмаш, ц1азамаш , ораматаш.

Д. Я шайн к1ант схьаваийта ,я хьо вола .

Е.Стихотворенеш, дийцарш, повесташ ,пьесаш -тайп-тайпана произведенеш язйина Бадуев С.

№3. Билгалъяха къасторан хуттургана хьалха запятой ца юьллу предложенеш.

А.Шовдана йисте хи мала беанера г1ала я стен сай.

Б.Б1аьрг кхарсторх хаалуш я хи а я колл а я дечиг а яцара.

В.Урамехула дог1уш гуш я луьйш хезаш адам дацара.

Г.Хазалла я комаьршалла яцара цуьнца.

№4. Билгалъяха юкъара дешнаш долу предложенеш.

(сацаран хьаьркаш х1иттийна яц).

А. Барт боцу юрт а барт боцу доьзал а х1аллакьхилла

Б.Тайп-тайпана стом карабора хьаннашкахь а хотешкахь а 1аж хьач кхор хьаьмц.

В.Аьхкенан йоца амма сирла тийна буьйсанаш.

Г.Кхузахь доцуш даарш дан а дацара жижиг далнаш хьокхамаш г1аймакхаш.

Д.Беха а чолхе а некъ бина вайнехан халкъо шен исторически кхиарехь

Жам1: Вайн къамелехь нисло предложенеш масийтта меже йолуш.,цхьана хаттарна жоп а луш,цхьана къамелан декъах йозуш а йолуш.

Предложенин оцу тайпанарчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу..

Нана санна Даймохк беза

Аьлла дита х1оттац со-м.

Дегабаам барна кхоьру

Цунна ша ца хетча сов.

Даймохк,Нана ,стенца лара ас сайн шуьга безам сайн

Цхьа а терза дац и оза ,хоьур бац и даг чу бен

Массо а стеган шен дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц ша винчу метте,шен дахаро юьхь йолинчу -ден ц1а,хомечу махке-безам буьсу.

Махкан а ,г1алан а д1адахнарг вай кхуллу. Вайн хьалха дуккха декхарш ду.. Оцу декхарша сатуьйсу хьекъалечу, къахьоьгучу, керланиг дохьучу дега.

Росси а, Нохчийн Республика и декхарш кхочушдаран новкъа т1ехь ю. Вай кхайкхориг- машаре политика, х1унда аьлча машаре мохк -ирсе дахаран закъалт

Цундела вай баркаалла ала деза вайн президентанна,1едална вай ишттачу маьршачу заманахь дахарна. Вайн аьтту бу деша ,болх бан. Машар хиларна вай ирсе ду.

Вайн ц1а-иза вай чохь 1ен цхьа квартира хила ца 1а ,амма урама,г1ала а, республика а .Вайн ц1а — иза вайн боккха мохк. Ц1а оганашца ч1ог1а хилла ца 1а. И ч1ог1а ду адамийн доттаг1аллица ,гергалонца.

Байт ешар «Кхайкхахьа соьга , Даймохк!» Сайдуллаев Хь.

Хьар бошмийн зазашлахь маьлхийн нур хьоьстуш.

Хьан лаьмнийн белшаш т1е хьаьрчина дохк.

Хьол хаза ,хьол хьоме х1умма ца хеташ,

Деттало ,шовкъ хьайна кийрара дог.

Кхайкхахьа соьга хьо ,сан орца эшча ,

Кхайкхахьа 1уьйранна малх г1аттале.

Сан деган иллин мерз хьайн сина безча

Сан Даймохк ,со хьайна ахь велхаве.

-Х1окху урокехь х1ун хазахийтира шуна?

— Керланиг х1ун дара шуна урокехь? Самукъанениг?

— Кху т1ехь вайн урок чекхйолу

_ Бераш д1аязбе ц1ахь бан болх дневникаш т1е.

Газеташ, журналаш т1ера цхьаьнатайпанара меженаш йолу 8 предложений схьаязъян /

Источник

Открытый урок по чеченскому языку на тему:»Предложенин цхьанатайпанара меженаш»

Новые аудиокурсы повышения квалификации для педагогов

Слушайте учебный материал в удобное для Вас время в любом месте

откроется в новом окне

Выдаем Удостоверение установленного образца:

магистр психологии, клинический психолог. .

психолог-консультант, клинический психолог. .

«IQ и EQ как основа успешного обучения»

  • для учителей, репетиторов и родителей
  • свидетельство + скидки на курсы для всех!

Муниципальное образовательное учреждение

«Средняя общеобразовательная школа №56»

Урокан ц1е: «Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

Предложенин цхьаьнатайпанара меженаш
(карладаккхар,т1еч1аг1дар)

Дешаран : Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

Кхетош-кхиоран: :.Винчу махке безам кхиор, , шайн г1алах дозалла дар д1адаханчуьнга ларам кхиор

Урокан г1ирс: Компьютер, мультимедийный проектор, дидактически материал, текст.

Дайн г1иллакх лардеш

Лаха вай
Кху лаьттахь ирс.»

1.Урокан ц1е ,1алашо д1ахьедар

Де дика хуьлда,бераш. Бераш ,тахана вайн урок цхьа ша тайпа хир ю., урок-дезде «беза хьайн мохк» ц1е йолуш.

Суна хетарехь, урокан ц1е «Цхьанатайпанарчу меженах лаьцна 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар» вайн дезчу денна юкъайог1уш хир ю.

Цхьанатайпанарчу меженийн билгалонаш.

Юкъара дешнаш х1ун ю ,церан маь1на.

Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, Цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

— Д1аязъе терахь,классера болх,урокан ц1е.

Вайн латта , бераш , хьа 1 ду шайн хазаллех лаьцна лаккхара дешнаш дало . И хьа 1 ду , вайна хаа , доладан д 1 адахнарг , хилларг , Вайн дай . орамаш хаа . Оцу хаарша вай 1 амор ду вайн мохк ларбан , цу т 1 ехь дай хила . Цундела вайн урокан ц 1 е тахана йоьзна ю вайн махкаца ..

Даймохк . Оцу дашца д 1 ах 1 уьтту г 1 аланаш , аренаш , безачеран а , цабевзачеран а яххьаш Ткъа муха боху поэташа ? Ладог 1 а стихотворенин кийсаке Рашидов Ш ..

… Х1ара бу сан Даймохк, б1аьрхишца лехнарг,

Ерриге сан деган йовхо ю хьоь.

Х1умма дац дуьнен чохь сийлахь, хьан меха,

Со х1инца хьоьца ву, сан Нохчичоь!

Дай-наной ,Даймохк–Цхьана ораман дешнаш.Х1окху дезчу дешнаша г1одо вайна беза а,бовза а н охчийн мотт,хьоме мукъам, къоман г1иллакхаш ,ламасташ къоман.

Даймехкан иллига шеен безам боцург

Ша винчу махкаца з1е йоцуш ву.

Геналлехь Даймехкан цхьа илли хезча,

Б1аьргех хи хьодура, лууш и ган.

Лекхачу лам т1ера Малхбузе хьежча,

И гур бу моьттура дог 1абош цкъа…

Ц1ахь аша Даймахках, лаьцна кицанаш лаха дезаш дара ..Толлур бу вай Ц1/Б.

-Ткъа х1инца ладог1а 1.Юсуповс муха гойту шайн 1аламе а,махке а болу безам.

Готуьйсуш лелачу хиэ а, хиэ кхуллучу махо а , махо техкочу г1а-бецо а, г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуьйцур ду хьуна ,лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул а.

Синтаксический къастам бе оцу предложенина.

— Х1инца бакъонаш т1е девр ду вай.

Карладаккхар.. Блиц –Хаттар:

Цхьанатайпанара меженаш олу…………………………

цхьана хаттарна жоп а луш ,цхьана дашах йозуш йолчарех.

Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу .

Уьш хила там бу предложенехь.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш ю.

кхаа тайпана:дозаран-а,къасторан –я,дуьхьалара-ткъа,амма

Цхьанатайпанара меженаш хуьлу.

Цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь юьллу.

Цхьаьнатайпанара меженийн билгалонаш схьайийца:

цхьана хаттарна жоп ло;

цхьана дашах дозуш хуьлу;

вовшахъхутту цхьаьнакхетаран хуттаргаша;

Схьаязье предложенеш варианташкахь (ПО РЯДАМ).

3.Т1едиллар: Д1аязъе . Билгалъяха цхьанататайпанара меженаш, оьшуш доллу сиз хьакха.. Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

1. Суна лаьара винчу махка верза сайн берриге ницкъ къинхьегам д1алуш халкъана Даймахкана пайдехьа хила.

2. Оьздангалла г1иллакх дикалла комаьршалла и дерриге а шеца долуш вара иза. (ц,ц,ц,ц-ю]

3. 3. Массо а стеган декхар ду шен латта довза а деза а лардан а..

( уьн т1е вог1у цхьацца дешархо шайн тетрадашца ,х1иттайо схеманаш.дуьйцу сацаран хьаьркаш х1иттор.)

Дийца юкъарчу дешнашкахь сацаран хьаьркаш х1итторех

Слайд №10 гайтар

Т1едиллар: сацаран хьаьркаш х1итторех дийца( барта)

а). Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар уьш дерриге шеца долуш ю Мамакаев 1аьрбин поэзи

б). Г1иллакх долчохь ларам хуьлу ларам болчохь нийсо хуьлу.

5. Шаьш бан болх.

Т1едиллар : Д1аязъе . Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

в. Адамийн а дийнатийн а бецийн а хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.

(1 дешархочо уьн т1ехь схема юьллу ,кхетадо.)

Нохчийн меттан тестови т1едахкарш.. Слайд № 15,16,17,18.

Цхьаьнатайпанарчу меженашца предложенеш

Дешархошна хаам ( Т1едилларехь хила йиш ю 1.2 нийса жоп.)

1 Билгалдаккха нийса доцург.

А.цхьанатайпанара меженаштайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.

Б.Уьш муьлхха а меже хила там бу.

В. Запятой ца юьллу хуттаргаш йолчу цхьанатайпанарчу меженашкахь

Г. Юкъара дешнаш цхьанатайпанарчу меженашна хьалха я т1ехьа хуьлу.

2.Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш къасторан хуттургаца вовшахкхетта предложенеш

А.Дикачу,оьздачу г1уллакхаша кхачаво стаг адамийн лараме .

Б. Куралла а,сонталла а шала йина ю.

В.Цунна ша стиглахь ю я лаьттахь ю ца хаьара.

Г.Хьуьн чохь дукха бу стоьмаш, ц1азамаш , ораматаш.

Д. Я шайн к1ант схьаваийта ,я хьо вола .

Е.Стихотворенеш, дийцарш, повесташ ,пьесаш –тайп-тайпана произведенеш язйина Бадуев С.

3. Билгалъяха къасторан хуттургана хьалха запятой ца юьллу предложенеш.

А.Шовдана йисте хи мала беанера г1ала я стен сай.

Б.Б1аьрг кхарсторх хаалуш я хи а я колл а я дечиг а яцара.

В.Урамехула дог1уш гуш я луьйш хезаш адам дацара.

Г.Хазалла я комаьршалла яцара цуьнца.

4. Билгалъяха юкъара дешнаш долу предложенеш.

(сацаран хьаьркаш х1иттийна яц).

А. Барт боцу юрт а барт боцу доьзал а х1аллакьхилла

Б.Тайп-тайпана стом карабора хьаннашкахь а хотешкахь а 1аж хьач кхор хьаьмц.

В.Аьхкенан йоца амма сирла тийна буьйсанаш.

Г.Кхузахь доцуш даарш дан а дацара жижиг далнаш хьокхамаш г1аймакхаш.

Д.Беха а чолхе а некъ бина вайнехан халкъо шен исторически кхиарехь

Жам1 : Вайн къамелехь нисло предложенеш масийтта меже йолуш.,цхьана хаттарна жоп а луш,цхьана къамелан декъах йозуш а йолуш.

Предложенин оцу тайпанарчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу..

Слайд №10 (с музыкой)

Нана санна Даймохк беза

Аьлла дита х1оттац со-м.

Дегабаам барна кхоьру

Цунна ша ца хетча сов.

Даймохк,Нана ,стенца лара ас сайн шуьга безам сайн

Цхьа а терза дац и оза ,хоьур бац и даг чу бен

Массо а стеган шен дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц ша винчу метте,шен дахаро юьхь йолинчу –ден ц1а,хомечу махке-безам буьсу.

Махкан а ,г1алан а д1адахнарг вай кхуллу. Вайн хьалха дуккха декхарш ду.. Оцу декхарша сатуьйсу хьекъалечу, къахьоьгучу, керланиг дохьучу дега.

Росси а, Нохчийн Республика и декхарш кхочушдаран новкъа т1ехь ю. Вай кхайкхориг- машаре политика, х1унда аьлча машаре мохк –ирсе дахаран закъалт

Цундела вай баркаалла ала деза вайн президентанна,1едална вай ишттачу маьршачу заманахь дахарна. Вайн аьтту бу деша ,болх бан. Машар хиларна вай ирсе ду.

Вайн ц1а–иза вай чохь 1ен цхьа квартира хила ца 1а ,амма урама,г1ала а, республика а .Вайн ц1а – иза вайн боккха мохк. Ц1а оганашца ч1ог1а хилла ца 1а. И ч1ог1а ду адамийн доттаг1аллица ,гергалонца.

Байт ешар «Кхайкхахьа соьга , Даймохк!» Сайдуллаев Хь.

Хьар бошмийн зазашлахь маьлхийн нур хьоьстуш.

Хьан лаьмнийн белшаш т1е хьаьрчина дохк.

Хьол хаза ,хьол хьоме х1умма ца хеташ,

Деттало ,шовкъ хьайна кийрара дог.

Кхайкхахьа соьга хьо ,сан орца эшча ,

Кхайкхахьа 1уьйранна малх г1аттале.

Сан деган иллин мерз хьайн сина безча

Сан Даймохк ,со хьайна ахь велхаве.

-Х1окху урокехь х1ун хазахийтира шуна?

— Керланиг х1ун дара шуна урокехь? Самукъанениг?

— Кху т1ехь вайн урок чекхйолу

_ Бераш д1аязбе ц1ахь бан болх дневникаш т1е.

Газеташ, журналаш т1ера цхьаьнатайпанара меженаш йолу 8 предложений схьаязъян /

Жима сочинени «Вина мохк –мазал мерза!»

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Курс профессиональной переподготовки

Охрана труда

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Номер материала: ДВ-181971

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

Учеба в школах в дни выборов в Госдуму будет идти в штатном режиме

Время чтения: 1 минута

Пять магистерских программ вузов России вошли в сотню рейтинга QS лучших бизнес-школ мира

Время чтения: 2 минуты

Всероссийская олимпиада школьников начнется 13 сентября

Время чтения: 2 минуты

К репетиторам обращались 49% россиян

Время чтения: 2 минуты

В пяти регионах России протестируют новую систему оплаты труда педагогов

Время чтения: 2 минуты

Рособрнадзор сообщил о снижении результатов ЕГЭ по естественно-научным предметам

Время чтения: 1 минута

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Оцените статью